Здравствуйте!Переведите пожалуйста

Са мерза ойлаш,ю хьоца хьерчаш,
Ирсе еш доима со дахарехь!
Хьо болу сан безам сан ц1ийца боьлла,
Со лахь а,хир бу иза доима дагчохь!
Нагахь хьай дахарехь новкьарло йинехь,
Гечделахь суна,кьинхетам беш!
Вуй те хьо дуьненчохь,сох хьогуш лелаш?
Сан ц1енчу безаман тидам ца беш?
Нагахь ас ца хууш вас еш,дош аьллехь,
Доьху ас,кьинт1ера валалахь хьо!
Хьо болу сай безам,сай дагчохь кьуйлуш,
Сийлахьчу безамца й огуш ю со!