Лингвофорум

Практический раздел: для изучающих языки, помощь студентам => Общаемся на разных языках => Тема начата: euro от января 4, 2010, 10:24

Название: Нохчийн мотт
Отправлено: euro от января 4, 2010, 10:24
Нохчийн мотт хууш, бийца лууш вуй кхузахь цхьа а?  :)
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Simona от января 4, 2010, 12:02
Со-м  ю. Бийца а хаьа, лааъ лаьа, беза а беза сайн ненан мотт.   :)
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: euro от января 5, 2010, 13:43
Маршалла ду хьоьга, Simona!
Суна а хета вайн нохчийн мотт хаза ;up:, наг-нагахь мукъана а буьйцура бу-кх вай иза. Дукха мел яздо - дика яздан 1ема, - аьлла хета суна.
Керла Шо декъала хуьлда хьан! :)
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Вадимий от января 5, 2010, 13:52
Это что за язык? :)
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Citizen Kane от января 5, 2010, 13:59
Чеченский
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Вадимий от января 5, 2010, 14:03
Цитата: Citizen Kane от января  5, 2010, 13:59
Чеченский
Мне нравится :)  ;up:
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Simona от января 5, 2010, 16:03
Цитата: euro от января  5, 2010, 13:43
Маршалла ду хьоьга, Simona!
Суна а хета вайн нохчийн мотт хаза ;up:, наг-нагахь мукъана а буьйцура бу-кх вай иза. Дукха мел яздо - дика яздан 1ема, - аьлла хета суна.
Керла Шо декъала хуьлда хьан! :)

Делера салам-маршалла хьоьга а хуьйла, euro !!!
Суна ч1ог1а хазахета вайн маттаца бала а болуш, и лара а лоруш стаг хаавелча.

Дала декъал хьо а войла !!!
Дала хьайн дагахь мел долу дика х1умнаш кхочуш хуьлитийла хьан!  :) :) :)
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: euro от января 5, 2010, 19:17
Цитата: Вадимий от января  5, 2010, 14:03
Цитата: Citizen Kane от января  5, 2010, 13:59
Чеченский
Мне нравится :)  ;up:

И дика х1ума ду. (Это хорошо). :yes:
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: euro от января 5, 2010, 19:20


Simona, Дела реза хуьлда хьуна, иштта дика дешнаш ахьа яздаран!!! :yes:
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Citizen Kane от января 5, 2010, 20:00
Как, кстати, у чеченского в современными реалиями? Компьютеры, науки и т.д.? Откуда черпаются заимствования - из русского (ну до 1991г., понятно, оттуда) или английского?
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: euro от января 5, 2010, 21:39
Цитата: Citizen Kane от января  5, 2010, 20:00
Как, кстати, у чеченского в современными реалиями? Компьютеры, науки и т.д.? Откуда черпаются заимствования - из русского (ну до 1991г., понятно, оттуда) или английского?

Из русского языка, эта традиция не изменилась с советских времен.
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Simona от января 6, 2010, 00:28
Euro, школашкахь лахара классашкахь доьшуш дола бераш нохчийн маттахь язйинчу книжкашца 1амор ду бохуш хезний хьуна? Цунах лаьцна х1уммаъ хаьий ?
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: jvarg от января 6, 2010, 06:27
Единичка как читается?
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: I_one от января 6, 2010, 07:03
"единичка" называется "палочка" и читается, как типа гортанная смычка (типа щелчка)
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: euro от января 6, 2010, 12:09
Цитата: Simona от января  6, 2010, 00:28
Euro, школашкахь лахара классашкахь доьшуш дола бераш нохчийн маттахь язйинчу книжкашца 1амор ду бохуш хезний хьуна? Цунах лаьцна х1уммаъ хаьий ?

Хезна, Симона, экспериментъеш цхьа-ши класс нохчийн маттахь хьоьхуш схьайиллина хиллера, кхин цу г1уллакхах х1ун хиллам ца хаьа суна. И проблема даимна юьйцуш яра, юьйцуш ю, амма и «ворда» ша хилла чохь лаьтташ ю, моьтту суна. :what:
Б1аьста нохчийн йозана реформа ян еза бохуш, хаттар айдинера.  :???
Хьуна муха хета, ян езий реформа? :)
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: jvarg от января 6, 2010, 12:54
Оба-на! Оказывается, я знаю много слов по чеченски. "экспериментъеш", "класс", "реформа", "нохчийн". Даже насчет «ворда» есть подозрение, что я это слово где-то слышал ;)
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: euro от января 6, 2010, 14:07
Цитата: jvarg от января  6, 2010, 12:54
Оба-на! Оказывается, я знаю много слов по чеченски. "экспериментъеш", "класс", "реформа", "нохчийн". Даже насчет «ворда» есть подозрение, что я это слово где-то слышал ;)

И как Вы думаете, что означает «ворда»? :eat: :)
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Simona от января 7, 2010, 01:06
Хезна, Симона, экспериментъеш цхьа-ши класс нохчийн маттахь хьоьхуш схьайиллина хиллера, кхин цу г1уллакхах х1ун хиллам ца хаьа суна. И проблема даимна юьйцуш яра, юьйцуш ю, амма и «ворда» ша хилла чохь лаьтташ ю, моьтту суна. :what:
Б1аьста нохчийн йозана реформа ян еза бохуш, хаттар айдинера.  :???
Хьуна муха хета, ян езий реформа? :)
[/quote]

Кхи д1а а латта мегаш ма ю и ворда, схьахетарехь. Цхьа кица хезний хьуна:  'багахь дина х1оаш - даа ца мега' бохуш.   
Делахь, цара хаза ян ма-еззара
иза йича оьшара аьлла-м  хета суна йозана реформа. Дуккхаъ минусаш ду цкъачунна вай лелочуна.  :)
jvorgana  ингалсан дош ду-м ца моьтта техьа "ворда" вай цаьргара  т1еэцна.  :)

Название: Нохчийн мотт
Отправлено: euro от января 7, 2010, 19:13
Ца хезнера суна и кица, хаза кица ду иза. :)
Суна а хетара цунна и ингалсан дош ду моьттана хира ду аьлла.
Хьо кху форумехь кхинкъоман меттанаш 1амош-м яц? Со ингалсан мотт 1амош ву. :umnik:
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Simona от января 8, 2010, 02:50
Ингалсах лаьцна а х1уманаш деша-м доьша аса х1окху форумехь, амма кху чохь иза 1амош ю ала-м ца хаьа суна. Июнехь 2009 ш. йолаелира со ингалсан мотт 1амо, ч1ог1а дика хьег1архо а яра со 1амош хилларг, амма 3 баттахь бен цига д1аоьххийла ца хилара сан, цхьацца кхин долу х1уманаш хьалха а девла. Ткъа, Даламукъалахь, х1инца аьхка юха а д1айолаяла 1алашо-м ю сан. Суна ч1ог1а хазахета ин-ни меттанаш.
Euro, хьо 1амо волавелла дукха хан юй ? Кхиамаш муха бу хьан ?  :)
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: euro от января 8, 2010, 13:38
Ши к1ира кхочуш хан ю-кх со и 1амо волавелла. Суна а хета кхин-мехкан (аса х1инца кхоьллина дош муха хета хьуна? :umnik:) меттанаш хаза, къаьстийна ингалсан мотт. Ткъа и мотт аса-айса 1ама бо сайна :???, кхиамаш жим-жима гучубовлуш бу, б1аьста ло дешаш довлу лайнзезагаш санна.  :)
Simona, хьо нохчийн мотт хьоьхуш-м яц ишколехь? Ахьа дика яздо дела бахара аса-м иза. ;up:
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Simona от января 8, 2010, 20:11
Дала аьтто бойла хьан ! Хьийкъина довлийла и лайнзезагаш !  :)
Ахьа кхоьллина дош суна ч1ог1а хазахета-кх. Дуккхаъ ас-со бохуш лелаш болу лингвисташ а кхуллур дацара, аьлла хета суна, цул тоьлларг. Вайнеха кхин цхьа кица а дало лаьа суна.
Хала дара алий, х1уманна б1о а ма къажабе, атта дара алий, тассий а ма дита.
Цунний дайна, мел хала делахь а, диннарг бен ца карош зама ю х1ара. Ткъа ингалсан мотт къаьсттина оьшуш а бу, вайн мел безахь а, цабезахь а.

Х1ан-х1а, со хьоьхуш яц нохчийн мотт.
Euro, ахьа со хастийна дела а ца боха аса, ткъа ахьа а ма ца яздо хьуна кхин во-м.  :)
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: euro от января 9, 2010, 10:44
Баркалла!
8 лессон чеккха-м ели сан. :donno:
Суна х1инца ингалсан маттахь яздан иштта х1уманаш 1аьмма: := :)


Сан доттаг1 ву. Цуьнан ц1е Саьм ю. И ингалс ву.
Саьман цициг ду. Цуьнан цициг хьаьрса ду...

I have a friend. His name is Sam. He is English.
Sam has a cat. His cat is red.

Sañ dõttagh wu. Cûnañ che Sâm yu. I ingals wu.
Sâmañ cicig du. Cûnañ cicig vârsa du. – hara ãs duqa xãn yocush hottiyna kerla noxçiyñ abãt yu.  :-[ :??? :)

Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Simona от января 10, 2010, 02:44
Congratulations !!!  :=   :) 

Кхин д1а ерш а евр ю, Даламукъалахь.

Euro, ингалса т1ехь кхачалуш ма бац хьуна, хьан кхиамаш-м ! Дика хета, керла абат. :)

Good luck !!!    ;)
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: euro от января 10, 2010, 10:34
Thank you!

Суна хазахети ахь сан болхан иштта лекха мах хадина.
Хьан интерес хилахь, аьлла, х1ара абат йовза, аса масална жима текстан дакъа дала до кхузахь.
Х1окха йозанца нохчийн элапий аьзнаш дика схьагайтало: доца а, деха ауо ...

Baza-ditt

Vûnxav lâttash xãzã jima baza xilla. Mâlxañ zîânarsh ã, shortta kerla hõ ã theqoçuçov lâttash xilla iza. Cunna gonax lâttash cul daqqiy dolu duqqa ã dittash ã xilla - bazanash ã, baganash ã. Ãmma degh daqqa sixdella xilla jima baza. Shena thevôju bowxa malx ã, shena gonaxara chena hõ ã ca tergaldora jimaçu bazano, mangal-komarsh ã gul'esh, wowshashca qhamelash ã desh, vûnaxula lelash dolçu axarxoyñ berashca ã ghullaq dacãra cûnañ. Kest-kestta doghura ûsh qunna the, çami buzziy komarsh ã yavash. Jimaçu dittana ullov sowca ã sowciy, cara olura: «Êh-hãy, ma xãzã jima baza du-q vo!» Cara boxuçûnga lã ã ca dughura bazano. Cva sho dalale cva dol laqadelira iza, qiñ ã cva sho dâlça, qiñ ã laqadelira: dol dustush vâjça, xuur du bazanañ mãs sho du...   
                                                                                                         
Хьуьнхахь лаьтташ хаза жима база хилла. Маьлхан зIаьнарш а, шортта керла хIуо а тIекхочучохь лаьтташ хилла иза. Цунна гонах лаьтташ цул даккхий долу дуккха а дитташ а хилла - базанаш а, баганаш а. Амма дегI даккха сихделла хилла жима база. Шена тIехьоьжу бовха малх а, шена гонахара цIена хIуо а ца тергалдора жимачу базано, мангал-комарш а гулъеш, вовшашца къамелаш а деш, хьуьнахула лелаш долчу ахархойн берашца а гIуллакх дацара цуьнан. Кест-кестта догIура уьш кхунна тIе, чами буззий комарш а яхьаш. Жимачу диттана уллохь совца а совций, цара олура: «ЭхI-хIай, ма хаза жима база ду-кх хьо!» Цара бохучуьнга ла а ца дугIура базано. Цхьа шо далале цхьа дол лакхаделира иза, кхин а цхьа шо даьлча, кхин а лакхаделира: дол дустуш хьаьжча, хуур ду базанан мас шо ду...
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Simona от января 11, 2010, 03:24
Euro,  и хаза дийцарш мичара девла хьуна ?  :)

Валлах1и, вайн Республикан коьртехь лаьттачара боккъалла а вайн меттан сий хьалаайба цхьаъ ца дахь, ч1ог1а  тиша хьал ду тахана дерг.  Ахьа вайн нахе,  тидамца ладог1ахь, хьуна хезар бу вай буьцу мотт,  нисса ахха г1аскхийнаг бу. Талмажалла ца дича а кхета мега ,хетар хьесапехь,  вай х1ун дуьйца г1аскхий а. Амма цхьаболчарна шаьш ч1ог1а  'хьевзинчех - м'  хета шайга т1екк1ала  5 дош цера маттахь  нийса алалахь а.  Аса ца боха цера мотт хаа ца беза, хаа беза, дика а хууш. Амма ца беза шен мотт д1а а туьттуш, цунах ваша а ца вешаш. Цкъа хьалха,  уггар дика шен ненан мотт хаа беза, соьга хаьттича.  :)
Euro,  къинт1ера вала со дукха яхъяларна.
Да висарг, хьо санна берш алсамо белахьари  Нохчичохь, мел дика хир дара-кх.    :) :) :)       
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: euro от января 11, 2010, 12:03
Simona, ахьа дерриг нийса боху, вай моцах мадиццара и "ворда" метахъялийта, коьртаниг - мотт к1орге ишколашкахь 1амо безар ду. Нохчийн маттахь къона нехан аудиторига хьажна телепрограммаш ян езара, цера интерес хилийта. Хаза къоначера журналш арахеца дезара, масала – дуьненан а, нохчийн а, мукъамах, спортах, модах, техниках, культурах лаьцна. :??? Урамаш, рекламаш, "туька ца туька", мел йолу ц1ерш шина маттахь яздан дезара – нохчийн, г1аскхийн.
Масала: :)
Ч1ерийн туька
Жижигшурийн сурсаташ
Хасстоьмийн туька.
Мосса ду уьш кхин а. :umnik:

Аса кхуза х1иттора ду хьуна сайна Интернетчохь карийна туьйранаш, хьуна эшах. Х1анс Кристиан Андерсен туьйранаш философийн чулацам болуш ду, суна со бера долуш дуьйна хаза хетара уьш, амма хьалха нохчийн маттахь дацара ишттаниш.


Название: Нохчийн мотт
Отправлено: euro от января 11, 2010, 12:08
Х1анс Кристиан Андерсен

База-дитт

Хьуьнхахь лаьтташ хаза жима база хилла. Маьлхан зIаьнарш а, шортта керла хIо а тIекхочучохь лаьтташ хилла иза. Цунна гонах лаьтташ цул даккхий долу дуккха а дитташ а хилла - базанаш а, баганаш а.
Амма дегI даккха сихделла хилла жима база. Шена тIехьоьжу бовха малх а, шена гонахара цIена хIо а ца тергалдора жимачу базано, мангал-комарш а гулъеш, вовшашца къамелаш а деш, хьуьнахула лелаш долчу ахархойн берашца а гIуллакх дацара цуьнан. Кест-кестта догIура уьш кхунна тIе, чами буззий комарш а яхьаш. Жимачу диттана уллохь совца а совций, цара олура: «ЭхI-хIай, ма хаза жима база ду-кх хьо!» Цара бохучуьнга ла а ца дугIура базано.
Цхьа шо далале цхьа дол лакхаделира иза, кхин а цхьа шо даьлча, кхин а лакхаделира: дол дустуш хьаьжча, хуур ду базанан мас шо ду.
- ЭхI-хIай, кхин дерш санна, доккха дитт со делхьара, - бохуш, даккхий синош дохура жимачу базано, - сайн гаьннаш шуьйра дIасахеца йиш хир яра сан, сайн ирхбаханчу буьхьаца сирлачу дуьнене а хьоьжуш! Сан гаьннаш тIехь шайн баннаш дийр дара олхазарша, дарц хьийзочу заманчохь а, дIа а теIаш, лаьттар дара со!
Маьлхан серлонах а, олхазарех а, Iуьйренца а, суьйренца а шена тIехула дIайоьлхучу мархех кIезиг доккхадера база. Iа тIе а деана, гобаьккхина къегаш кIайн ло долчу хенахь едда йоьду цхьа пхьагал, кхоссалой, тIехула эккхара жимачу диттана - эхI, ма хала а дар-кх цу жимачу базана, ма дола хетар-кх цунна и хIума! ДIаделира Iа, кхоалгIа Iа тIедеача, хIара база, лакха а даьлла, го тийса дийзира цунна пхьагалийн.
«ЭхI, ма дегI а даьккхина, доккха а хилла дIахIуттур дар-кх со! Цул доккха дика дацар-кх ас дан!» - бохуш, ойла йора жимачу дитто.
Гурахь, баьхкина, хьунхьокхурш даккхий дитташ охьадетта буьйлабелира. Цара и саннарг хIора шарахь а дора. ХIинца дикка дегIе дахана долу база кхоьруш эгадора, даккхий, исбаьхьа и дитташ инзаре йоккхачу гIовгIанца лаьтта охьаоьгуш.
Царна тIера гаьннаш дIахедадора, цIена а, деха а, дуткъа а ханнаш а хуьлий, дIахIуьттура уьш. Девзар а доцучу кепе доьрзура уьш, тIаккха ворданаш тIе а дохкий, говраша хьуьнхара арадохура.
«Мича хьош ду те уьш? ХIун лелор ду те цара?». БIаьста чIегIардигаш а, гIаргIулеш а схьаяьхкича, жимачу базано цаьрга хаьттира:
- Шуна ца хаьа и ханнаш стенга хьо? Шу лелачухула дуьхьал ца кхийтира шуна уьш?
ЧIегIардигашна цунах хIумма а ца хаьара, амма гIаргIулено, ойла а йина, корта а таIийна, тIаьххьара а элира:
- ХIа-а, схьахетарехь, уьш дара суна гинарш! Мисарара со схьайогIуш керла дина дуккха а кеманаш кхийтира суна дуьхьал. Уьш хIорда тIехула дIадоьлхуш дара. Цу кеманашна тIехь, лакха ирх а яхана лаьтташ, ханнех йина мачтанаш яра. Суна схьахетарехь, и ахьа дуьйцурш дара уьш - царах базанан хьожа йогIура. Ас цаьргара маршалла ло хьоьга.
- ЭхI, цу хIорда тIехула дIадаххал доккха маца хир ду техьа со! ХIун ю ткъа и хIорд бохург? Стенах тера бу иза? - бохура базано.
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: euro от января 11, 2010, 12:09
- И дийца йоьлча, со яхлур ю! - аьлла, тIемаш а ластийна, айъелла дIаяхара гIаргIули.
- Хьайн жималлех доккха а деш Iе! Хьайн могаш кхиарх, къоначу дахарх доккхаде! - бохура маьлхан зIаьнарша.
Дайн хьоькхучу хазачу хIоно барташ дохура диттана, тхино шен хи Iенадора цунна тIе, амма церан диканах ца кхетара дитт.
Кечдина базанаш чу а хIиттош, Iаьнан юккъехь даздеш догIу денош тIехIиттича, гуттар а къона дитташ а охьадетта дуьйладелира адамаш. Я локхалле а, я шерашка хьаьжча а, хьакха догIуш дацара и дитташ. Цу къоначу дитташна тIера гаьннаш а цара дIа ца дохура. Уьш хьаькхначул тIаьхьа, салазашна тIе а дехкина, говрашка хьуьнхара дIадохьуьйтура.
- Уьш мича хьо те? - бохуш, хоьттура жимачу базано. - Сол даккхийра а дац уьш, ткъа хьуьлларниг-м сол дуккха а жима ма ду! Гаьннаш хIунда дитина царна тIехь? Мича доьлху уьш?
- Тхуна-м хаьа уьш мича доьлху! Тхуна-м хаьа! - бохуш, декара хьозарчий. - ГIалахь дара тхо, цIенойн корашкахула чу а хьийсира тхо, тхуна хаьа, уьш мича доьлху! Корех тхо чухьаьвсича, чохь хаза йовха йолчу цIенна юккъе дIа а хIиттадой, тIе деши диллина Iежаш а, пряникаш а, ловзо хIуманаш а, дуккха а бIеннаш чиркхаш а туьссий, кечдо уьш!
- ТIаккха? - аьлла, хаьттира базано, шен доллучу гаьннашца дега а дина. - ТIаккха? ХIун хуьлу царах цул тIаьхьа?
- Кхин дIа ца гира тхуна, амма тхуна гинарг-м чIогIа исбаьхьа хIума дара!
- Уьш санна, оцу новкъадаккха дитина хила мега со а! - бохуш, доккхадера база. - ХIорда тIехула доьдучул а тоьлуш ду иза-м! Ма бала бу-кх соьгахь, ма саготта ду-кх со! Кестта тIекхачахьара-кх базанаш кечдеш долу де! Даханчу шарахь дIадаьхьнарш санна, лекха а, нийсса ирхдахана а ду-кх со а хIинца! ЭхI-хIей-кх, сихха салазана тIедаккхахьара-кх со! Оцу йовхачу, хазачу цIа чу кхачахьара-кх со! Цул тIаьхьа хIун хир дара те? Кхин а тоьлуш, кхин а хаза хир дар-кх! Иштта хирг ца хилча, стенан дуьхьа кечдийр дара со? Кхин а исбаьхьаниг хир ду цул тIаьхьа... Амма билггал хIун дара-м ца хаьа суна. ЭхI, ма бала бу-кх соьгахь, ма саготта ду-кх со! Сайна а ца хаьа-кх суна сайна хилларг хIун ду.
- Доккхаде тхох! - бохура базане хIоно а, маьлхан серлоно а. - Хьайн къона хиларх а, могашаллех а, паргIатонах а доккхаде.
Амма база царах доккхадеш дацара. Кхин а кхуьуш лаьттара иза, аьхка а таьIна-баьццарчу басахь хуьлура иза. Иза гиначу адамаша олура:
- ЭхI, ма исбаьхьа дитт ду-кх хьо! Кхидолчу базанел а хьалха хадийра хIара.
Кхуьнан дагах кIоргга чудахара диг, доккха са а доккхуш, лаьтта охьадуьйжира база. Шен цIийнах а, ша кхиинчу меттигах а дIакъаьсташ хала дара цунна. Шен хьоме шира накъостий а, шена гонахара зезагаш а, коьллаш а шена цкъа а кхин гур йоцийла хаьара базанна. Олхазарш ца ган а мегара цунна. Ма самукъне дац-кх шен меттера дIавоьдуш...
Кхечу дитташца цхьаьна Iуьллуш долу хIара схьа а даьстина, цхьа стаг: «Сов дика ду, кхин башханиг вайна эша а ца оьшу», - аьлла, вистхилча бен метта ца деар
а база.
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: euro от января 11, 2010, 12:12
Чохь лелаш волчу шина стага цхьана йоккхачу чоьнна чу даьхьира иза. Цу цIийнан пенах хьалатоьхна суьрташ а дара, тIехь бустамаш а даьхна йолчу йоккхачу пеша хьалха лаьтташ китайхойн яккхий вазанаш а яра, негIаршна тIехь схьагуш лоьмийн сурташ а долуш. Иштта, тIе дари а тоьхна, шашах лесташ долу даккхий гIанташ а, диванаш а, тIехь дуккха а суьрташ а долуш йолу книжкаш а, иштта ловзош йолу хIуманаш а яра цу чохь.
Дуьззина чохь гIум а йолуш долчу доккхачу шелиг чу хIоттийра база, амма цхьанна а ца хаьара иза шелиг дуйла, хIунда аьлча, тIе баьццара маша а тоьхна, боккхачу къорзачу кузана тIе хIоттийнера иза. Гаррехь эгадора база: «ХIинца хIун хир ду техьа?» - бохуш.
Чохь лелаш болчу ялхоша, тIе а оьхуш, кечдора иза. Цуьнан гаьннаш тIе бес-бесарчу кехатех дина тIоьрмигаш оьхкира цара. ХIора тIоьрмиг мерзачу хIуманех буьззина бара. Деших кхелина Iежаш а, бIараш а оьхкира цара цу тIе - базана тIехь кхуьуш долуш санна хетара уьш. Цул тIаьхьа гаьннашна тIе масех бIе цIен а, сийна а, кIайн а чиркхаш тIедехкира цара. Диттан сийначу гаьннашна тIехь, техкаш кхозуш, дийначу адамех тера а йолуш, тайнигаш яра. Цкъа а гина яцара уьш базанна. Уггар лакхарчу гаьнна тIе деши санна лепаш болу боккха седа чIагIбира.
- Тховса сарахь сирла хир ю кхузахь! - бохура цара массара а.
«Маржа яI-кх! - аьлла, хийтира базанна, - сихха тIекхачахьар-кх и суьйре, чехкка латадахьар-кх суна тIехь чиркхаш. ТIаккха хIун хир ду техьа? Хьуьнахара дитташ догIур дац техьа соьга хьовса? Хьозий дахка а мега корешка. Со лаьттачохь, дIа а хIоьттина, иштта хаза кеч а дина, Iай а, аьхка а латта а мегий со-м кхузахь».
Ца хаьара базанна шех хиндерг.   
Чиркхаш латийра. Ма сирла, ма исбаьхьа хилла дIахIоьттир-кх база тIаккха! Шен массо а генашца, гарр! - аьлла, дегийра база, цхьана чиркхо дага а деш. ЦIе елира диттах.
- Вай! Вай! - аьлла, маьхьарий девлира адамийн, амма цIе-м чехкка дIаяйира.
ХIинца кхин дего а ца даьхьаш, Iадда лаьтташ дара база. ЭхI, ма хала дар-кх иза! Шена тIеоьхкина йолчу хIуманех цхьаъ охьайоьжна ярна кхоьруш, чохь са дацара цунна. Шена гонаха йолчу оцу серлонах а, хазачу хIуманех а цецдаьлла, доха а доьхна, лаьттара иза.
ЦIаьххьана, неIарш дIа а еллаелла, дитт тIекIелдаккха санна, чехка чухьаьдира берийн йоккха тоба. Сих а ца луш, меллаша царна тIаьхьахIиттина богIуш баккхийнаш а бара. Гуттар кегийра бераш, дист а ца хуьлуш, лаьттара, амма цхьана минотехь бен ца Iийра уьш иштта тийна. Оцу сохьта, цIогIанаш хьоькхуш, ерриг а чоь екош, гIовгIа эккхийтира цара. Базанна го а бина, цунна гонаха халхадийла дуьйладелира бераш. Цкъа цхьаъ йоккхуш, тIаккха, важа йоккхуш, базанна тIера хIуманаш схьаяха йолийра цара.
«ХIара хIун ду те кхара дийриг? ХIинца хIун хир ду те?» - бохуш, ойла йора базано.
Гаьннашна тIе кхаччалц даьгна дIадевлира чиркхаш, тIаккха, уьш дIаадайина, диттана тIера хIуманаш схьаяха мегар ду аьлла, тIехийцира бераш. ЭхI, ма тIелетир-кх уьш базанна! Къаршшехь сетто долийра цуьнан массо а га: нагахь дашо седанца тховх дIатоьхна ца хиллехьара, охьадужур долуш дара база.
Карахь йохкуш шайн ловзо хIуманаш а йолуш, диттана гонах халхадуьйлура бераш. Чохь лелаш йолу цхьа йоккха стаг йоцург, цхьа а вацара дитте кхин дIахьожуш. Иза, го бохуш, гаьннашна юккъе хьалахьоьжуш лелара, цхьа а Iаж а, кхин мерза хIума а ца йисна техьа базанна тIехь, бохуш.
- Туьйра! Туьйра дийца тхуна! - аьлла, маьхьарий а хьаькхна, цхьа стомма стаг диттана кIел такхийра бераша.
Нийсса базанна кIел охьахиира и стаг.
- Иштта хевшича, сийначу дитта кIел хир ду вай, - элира цо. - Базано а дугIур дуй вайга-м ла. Амма цхьа туьйра бен-м дуьйцур дац ас. Муьлхарг дийца ас шуна? Иведен-Аведенх лаьцна дерг дийца, я Клумпен-Думпенх лаьцна дерг дийца?


- Иведен-Аведенх дерг дийца! - бохуш, мохь беттара цхьаболчара.
- Клумпен-Думпенх лаьцна дерг дийца! - бохура вукхара.
Йоккха гIовгIа а эккхийтина, и хIума къуьйсуш бара уьш, ткъа дитт-м, тап - аьлла, дIатийна Iара, шен дагахь ойла а еш: «Кхин хIуманна а дакъа лоцуш а доцуш лаьттар ду те со?» Амма цо дакъа а лецира, хилаза ца даьндерг цунна хила а хилира.
Клумпен-Думпенх лаьцна туьйра дийца волавелира стомма стаг. Шайн кегий тIараш а детташ, бераша маьхьарий хьоькхура:
- Иведен-Аведенх лаций туьйра дийца тхуна! - бохуш.
Иведен-Аведенх лаьцна туьйра а дезара царна, амма Клумпен-Думпенх лаьцна бен ца дийцира цо царна.
Тап - аьлла, дIатийна, ойланаш еш лаьттара база. Хьуьнхахь олхазарша цкъа а ца дуьйцура оцу тайпана хIума.
«ШолгIачу дийнахь юха а кечдийр хир ма ду со, тIе зезагаш а, ловзо хIуманаш а, деши а, стоьмаш а оьхкина», - бохуш, ойланаш йора базано. - Кхана-м хьаха дегор дацара со! Сайна тIерачу хазачу хIуманех а, сайн кечделла хиларх а, доккха а деш, лаьттар ду со. Юха а хезар ду суна Клумпен-Думпенх лаьцна туьйра, кхин а Иведен-Аведенх лаьцна дерг хаза а мега». Иштта ойланаш а еш, сахиллалц тийна лаьттира дитт.
Iуьйранна чубевлира кертахь гIуллакх деш волу цхьа стаг а, иштта чохь дезарш деш лелаш йолу цхьа зуда а.
«ХIан, хIинца юха а кечдан долор ду со, - аьлла, хийтира базанна. Амма цара иза такхийна чуьра ара а даьккхина, цхьана лами тIехула тхов тIе а даьккхина, дийнан серло тIе ца кхочучу цхьана соне дIахIоттийра.
«ХIара хIун ду техьа? - бохуш, ойла йора базано. - Ас хIун дийр ду кхузахь?». Пенах дIа а таьIна, ойланаш еш лаьттара иза.
Ойла ян дуккха а зама хилира цуьнан. ДIаоьхуш лаьттара денош а, буьйсанаш а. Цхьа а вацара тхов тIе хьалаволуш. ТIаьххьара а цхьана дийнахь кхуза нах баьхкира, уьш а, цхьа даккхий тIорказаш соне дIахIитто баьхкина хиллера. Гуттар а дIахьулдира тIорказаша дитт. Ма чIогIа дицделла массарна а хIара базанан дитт аьлла, хеталур долуш дара гIуллакх.
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: euro от января 11, 2010, 12:14
 «ХIинца арахь Iа ду, - аьлла, хийтира базанна. - Латта, гIора а дина, тIе ло а тесна, лаьтташ ду. Цундела со лаьттах дIадогIа йиш яц адамийн, бIаьсте яллалц кхузахь латтор ду цара со. Дан дезарг а хууш, ма дика ду-кх адамаш! Вуьшта-м дика дара кхузахь, сел бодане а, сингаттаме а дацахьара. Кхузахь-м уратталла цхьа а пхьагал а яц! Ма самукъне хуьлур-кх хьуьнхахь, гобаьккхина Iуьллуш ло а долуш, юххехула дIасалелхаш пхьагалш йолчу хенахь, суна тIехула а кхийссалуш уьш лелачу хенахь а. Амма цу хенахь и хIума суна чIогIа ца дезара. Кхузахь-м инзаре сингаттаме ду!».
- ЦIир-цIир-цIир! - аьлла, цхьана боданерчу сонера схьабелира жима дахка. Цунна тIаьхьа кхин цхьаъ а белира и санна болу жима дахка. Базанах хьожа а яьккхина, цуьнан гаьннашна тIе а баьлла, охьахиира и шиъ.
- ЭхI-хIей, ма йоккха шело ю-кх хьо! - бохура жимачу шина дехко. - Вуьшта-м хаза дара хIара дуьне. Алал, бакъ лоьй тхойша, къена база?
- Къена хьаха дац со-м, - элира базано. - Сол дуккха а къенанаш а ду шуна.
- Мичара деана хьо кхуза? - аьлла, хаьттира жимачу дехкаша. - Хьуна хууш а хIун ду?
Массо а хIума хаа лууш бара и шиъ.
- Дийцахьа тхуна хIокху дуненчохь мел йолчул а хазачу меттигах лаций. Терхешна тIехь нехчанаш Iохкучу, тховх дуьмеш кхозучу, тIехь халхавийллал дукха чкъураман чиркхаш долчу, чуволуш, вакъа а велла, оза хуьлучу, ткъа араволуш верстина хуьлучу цIа чохь хиллий хьо?
- И ца хаьа суна, - бохура базано, - амма къеггина малх болу, декаш олхазарш долу хьун-м евза суна.
ТIаккха дийцира цо дехкашна ша хьуьнхахь яьккхинчу шен къоначу заманах лаьцна.
Оцу тайпана хIума хезна дацара дехкашна цкъа а. Леррина кхуьнга ладоьгIуш а Iийна, цара элира:
- ЭхI, ма дукха хIуманаш гина-кх хьуна! Ма ирс долуш ду-кх хьо.
- И бакъ ду, - элира базано.
Жимма ша дийцинчуьнан ойла а йина, тIетуьйхира базано:
- Бакъду иза. Ма-дарра аьлча, чIогIа хаза, синкъераме зама яра иза!
ТIаккха, тIе пряникаш а оьхкина, гаьннаш тIе чиркхаш а хIиттийна, ша дезачу денна кечдина йолу суьйре йийца делира иза.
- ЭхI! Ма ирс долуш а хилла-кх хьо, къена база! - бохура дехкаша.
- Къена хьаха дац со-м, - элира, юха а, базано. - ХIокху аьхка бен хьуьнхара арадаьлла а дац со-м, ма-дарра аьлча, хIинца бен дикка дегI даккха а ца доладелла!
- Ма хаза дуьйцу-кх ахьа! - элира дехкаша. ШолгIачу буса, шайца кхин а биъ дахка а
балош, беара и шиъ: царна а лаьара базанан дийцаршка ладогIа. Ша мел дуьйцу а, кхин а шера дагаоьхура базанна дIаяхначу хенахь шен хилла долу дахар. Ма ирсе денош хиллера-кх уьш! Юха-дахка а мегий уьш-м, юхадахка а мегий! - аьлла, хетара цунна.
Дерриг а туьйра дIадийцира царна базано: юьххьера дуьйна чекхдаллалц. Цхьа а дош ца дицлуш, дика дагадогIура цунна иза. ЧIогIа самукъадаьлла долу дехкий базанан буьххье кхаччалц хьаладовда кийча дара.
КхоалгIачу буса кхин а дукха дехкий даьхкира. Цунна тIейогIучу буса-м ши мукадахка а беара. Амма мукадехкашна хIумма а хаза ца хийтира и туьйра. И чIогIа новкъадеара кегийчу дехкашна. Церан а чам байра тIаккха туьйранах.
- И цхьа туьйра бен ца хаьа хьуна? - аьлла, хаьттира мукадехкаша.
- И цхьаъ бен кхин ца хаьа, - элира базано. -Сайн уггар а ирс долчу буса хезнера суна иза, амма хIетахь суна ца хаьара, со мел ирс долуш хилла.
- Хьуна хуург-м вон туьйра ма ду! Дуьман хьакхаран чиркхех лаьцна туьйра хаьий хьуна цхьа а? Юург чохь йолчу цIийна чохь долчу хIуманех лаьцна дийцар хаьий хьуна цхьа а?
- Ца хаьа, - элира базано.
- ХIета, баркалла хуьлда хьуна, — аьлла, цIехьа дирзира дехкий.
ТIаьххьара дехкий а дIадахара база долчуьра. ТIаккха даккхий синош даха доладелира база:
- Ма хаза хан яр-кх и дика жима дехкий суна гонаха хевшина а Iаш, сан дийцаршка цара ладегIнарг! ХIинца дIадели иза! Амма хIинца а са-м къоьрур ду ас, кхузара со дIадахчхьана...
Ткъа иза маца хилира? Деара и сахьт а, цхьана Iуьйранна, тхов тIе а бевлла, куьйгаш хьекхо нах буьйлабелча. Цкъа хьалха тIорказаш ара а даьхна, тIаккха базанах а тасабелира уьш. Башха лар а ца деш, охьакхоьссира цара иза. Амма цу сохьта цхьана белхалочо, хьала а эцна, цхьана лами тIе такхийра.
«ХIинца-м хьаха юха а тIедогIуш ма лаьттара суна сайн ирс!» - бохуш, ойла йора базано. ЦIеначу хIонах, ша хьоьстуш схьаетталучу маьлхан хьалхарчу зIаьнарех доккхадера база. ТIаккха уьйтIа а кхечира хIара.
Дерриге сов сиха хилар бахьана долуш, гонаха дIасахьажа а дицделлера база. Амма ган хIуманаш-м сов дукха дара гобаьккхина лаьтташ. Дерриг а заза а даьккхина лаьтташ йолчу бацана тIехIуттуш яра уьйтIе. ЧIогIа хаза хьожа йогIу зезагаш дара кхозуш, заза а даьккхина лаьтташ Iеха а бара. Бешахула декаш, тIемадевлла лелаш чIегIардигаш а дара.
- ХIинца-м хьаха дуьне дуур ма дара ас! -бохуш, доккхадеш дара база.
Иза а аьлла, шен гаьннаш нисдина, даржо дуьйлира иза. Амма уьш, мархал а доьлла, мажделла, дIадевллера. ХIинца цхьана сонехь Iуьллуш дара база, ярашний, нитташний юккъехь. Деши санна, къегаш долчу кехатах бина седа хIинца а бара кхуьнан буьххьехь боллуш, маьлхан сирлачу зIаьнаршкахь къега а къегаш.
Iай сел доккхадеш базанна гонах халхадийлина ши бер а дара бешахула ловзуш лелаш. Царах жимах долчо, дедда тIе а деана, оззийна схьабаьккхира кхунна тIера дашо седа.
- Хьажал, хIун йисина хилла боьхачу, къанделлачу базанна тIехь, - элира цо, гаьннашна тIе, уьш лазош, ког а баьккхина.
Ткъа база-м, зазадаьккхина лаьттачу бешарчу диттийн хазалле а хьоьжуш, юха шашега хьоьжуш, тхов тIехь, цу боданечу сонехь хIунда ца дити те ша, - бохуш, Iара. Шен къона зама, шен хьун, ша кеч а дина дIахIоттийна самукъане буьйса, сел хаза хеташ, Клумпен-Думпен туьйране кегийрачу дехкаша ладегIна хан дагаоьхура базанна.
- ДIадели дерриг а, дIадели! - бохура мискачу базано. - Ма доккха а дар-кх со, ма хаза а хетар-кх суна хIара дуьне! Ткъа хIинца дерриг а дIадели! ДIадели!
Ван а веана, цхьана белхалочо кегий чIийш дехира базанах. Дийнна мор хилира царах. Ма серладевлла, къегина летир-кх уьш юург кечъечу цIенна чохь йолчу пешахь! Даккхий синош дохура базано, хIора цо са моссаза доккху, жима топ кхоьссича санна, тата а долура.
УьйтIахь ловзуш лелла долу бераш, цу цIа чу а даьхкина, йогучу цIарна хьалха дIа а хIиттина, цуьнга хьоьжуш лаьттара. ТIахтIих деш, йогуш яра пеш. Уьш базано кIорггера дохуш долу синош дара.
Цунна дагаоьхура хьуьнхара аьхкенан де, къегаш схьакхетта седарчий долу Iаьнан буьйса. Дагаоьхура цунна Клумпен-Думпенх лаьцна долу, и цхьаъ бен шена хезна доцу, и цхьаъ бен дийца хууш а доцу туьйра...
Даьгна дIаделира база.
УьйтIахь ловзуш лелаш вара ши кIант. Цу шиннах жимах волчун некха тIехь къегаш бара базанан уггар а ирс долчу буса цуьнан буьххье латийна хилла болу дашо седа.
ХIинца и дерриге а дIадели. Туьйра а чекхдели. Чекхдели, массо а туьйра санна.

Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Simona от января 12, 2010, 04:33
Баркалла !
Euro, хьайн  'маст' елахь х1иттадехьа кху чу и туьйранаш. Суна а хета уьш хаза.  :)

И книжка сайна туьканахь юхкаш караяхь оьцар а ю, Даламукъалахь.


"Г1алдий-булдий  царна, к1айн бож вайна", - олий чекхдоккхура сан нена-нанас туьйра, тхо кегийра долуш.  :)
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: euro от января 12, 2010, 11:38
Мерза худар :eat:

Цхьана заманахь шен ненаца ехаш-Iаш хилла цхьа эсала, дика йоI. Чохь даа хIума доцуш, чIогIа къен Iаш хилла и шиъ.

Цхьана дийнахь хьуьнах яхначу йоIана дуьхьалкхетта евзаш йоцу цхьа йоккха стаг. Цо йоIана кхийран кхаба елла. Цу кхабане: «Кхаба, кхехка йолало!» оллушехь, цу сохьта кхабано дика а долуш, мерза худар кхехкош хилла. Шега: «Кхаба, тоьар ду!» оллушехь, иза кхехкачуьра соцуш хилла.

ЙоIа и кхаба шен нана йолчу цIа еана. Цу хенахь дуьйна царна я мацалла а, я къелла а хIун ю хууш ца хилла. Цаьргахь массо а хенахь шайна ма-лиънехь даа мерза худар а хилла.

ЙоI цIахь йоцучу цхьана дийнахь нанас кхийран кхабане: «Кхаба, кхехка йолало!» аьлла хилла. Кхабано худар дина схьадалийтина. Шена юззалц худар диъна яьлла йолу нана кхабане кхехкачуьра саца ала йоллуш хилла, амма хIун дешнаш ала деза цунна дагадогIуш ца хилла.

Ткъа кхаба, цIе яьлча санна, кхехкаш хилла. Кхехкаш совдаьлла худар кхабанан йистехула охьаоьхуш хилла. Кхача кечбеш йолу чоь хьала а юьзна, церан цIа чухула дIаоьхуш хилла худар. Цул тIаьхьа церан уьйтIахула, кертахула, лулахойн керташкахула дIаоьхуш хилла худар. Церан берриг а ураман некъ дIалаьцна охьаоьхуш хилла иза. Ткъа кхаба, дерриг а дуьненна а худар кечдан йоллуш санна, кхехкаш хилла.

Нах, шаьш хIун дийр ду ца хууш, дIасауьдуш хилла. Цхьанна а хууш ца хилла, и бохам шаьш хIун дина сацор бу.

Цу гIалахь худар тIекхача цхьа цIа дисначу хенахь, йоI цIа кхаьчна. Цо: «Кхаба, тоьар ду!» оллушехь, худар кхехкачуьра сецна.

И хIума хиллачул тIаьхьа, цу гIала воьдуш волчу хIора стаго, шена оьшучу метте ша дIакхачале, новкъара худар дIадаа дезаш хилла.


Название: Нохчийн мотт
Отправлено: LOSTaz от января 27, 2010, 21:30
Вопрос к беседующим,это ваш родной мотт или вы его изучили??
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: SHOMA от февраля 14, 2010, 15:45
perevedite mne ochen' nugno:ца дез хьун...
xьаверзахь, хьанз дукх дах цадеш дитахь ши долч...
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Uwais от октября 24, 2010, 03:01
Ассаламу 1алайкум!  :)

Х1ай, нохчи мичахь ду шу? Цхьаъ дийц вай ?  Цхьа нохчи ваъ вуй те кху чохь?   
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Мухаджир от декабря 10, 2010, 14:09
Ассаламу 1алайкум варахьматуллах1и та1ала вабарикатух1у! Нохчи, суна 1ам байш вайн мотт
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: euro от декабря 14, 2010, 12:46
Маршалла ду шуьга, хьомсара вежарий, йижарий! :)

«Нохчийн мотт уггаре а хазчу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».  Л. Н. Толстой
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Uwais от января 2, 2011, 01:05
Цитата: Мухаджир от декабря 10, 2010, 14:09
Ассаламу 1алайкум варахьматуллах1и та1ала вабарикатух1у! Нохчи, суна 1ам байш вайн мотт

Ва 1алайкум ассалам!
Сан ваша, х1ун  хаа лаьа хьуна? Хьуна дика ма хаа нохчийн мотт. Бийц мухха бийцахь, язам дика до ахь.  :)
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Uka от марта 23, 2011, 13:40
Помогите пожалуйста перевести дословно с чеченского на русский:

Дависа йиш елар кирар дог гайта, цу дагчу язйина хьан гайта д1а ц1е, хьан ц1аро къагийна жима дог гайта, цу дагчохь хьо воцург кхи воций гайта!

P.S.: Знаю, что это признание в любви и выражение своих чувст, очень хочется точный перевод!!!
ЗА РАНЕЕ ОГРОМНОЕ СПАСИБО!!!!!!!!!!!!!!!
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: I_one от мая 7, 2011, 21:01
Цитата: jvarg от января  6, 2010, 12:54
Оба-на! Оказывается, я знаю много слов по чеченски. "экспериментъеш", "класс", "реформа", "нохчийн". Даже насчет «ворда» есть подозрение, что я это слово где-то слышал ;)
Чеченский язык очень интересен и в плане структуры и звучанием и предполагаемыми генетическими связями... Вот накатал заметку "Феномен лингвистической иронии в чеченском языке (http://arahau.ucoz.ru/publ/estestvennye_jazyki/fenomen_lingvisticheskoj_ironii_v_chechenskom_jazyke/4-1-0-43)"
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Магомед-хаджи от мая 29, 2011, 16:12
Кхузахь цхьамо къамел дийр дуй-техьа?
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: зерг от июля 6, 2011, 23:48
Интересно узнать этимологию слова *мотт* (язык)
Помогите!
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: I_one от июля 8, 2011, 00:07
Цитата: зерг от июля  6, 2011, 23:48
Интересно узнать этимологию слова *мотт* (язык)
Помогите!
Посмотрите словарь (http://www.tsumada.ru/slovar)
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: зерг от июля 8, 2011, 00:36
В словарях нет этимологии
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: джыгит от января 9, 2013, 06:46
Я по Чеченски знаю только баркал и нохчийн мотт :green:
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Gilgamesh от марта 12, 2013, 12:12
Salam marşalla xild şüg, dottağiy

Hara forum aşa yina dika xeta suna... hunda elça taxanleraçu diynah dikka kôrgera Noxçiyn mott xaar - doqqa nîmat du. Şen qômanan mott, ğillaqaş, âdataş xaar vayna tê dözna du. Doyzaş xir du vay! :)
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Alenarys от марта 12, 2013, 13:27
Цитата: Gilgamesh от марта 12, 2013, 12:12
Salam marşalla xild şüg, dottağiy

Hara forum aşa yina dika xeta suna... hunda elça taxanleraçu diynah dikka kôrgera Noxçiyn mott xaar - doqqa nîmat du. Şen qômanan mott, ğillaqaş, âdataş xaar vayna tê dözna du. Doyzaş xir du vay! :)
1алайкум ассалам, Ваша! Суна хазахета вай доьвзина! Хьо нохчи вуй? Аш мича ву со? На латинице любишь писать?  :) Просто не совсем смысл понятен некоторых слов, если честно. Буква â, ô - это аь и оь? А что тогда буква ö значит? Или ô это оъ? В общем одни хеттарш ;D Заранее баркал! Маршонца вехийла!
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Gilgamesh от марта 12, 2013, 14:34
Цитата: Alenarys от марта 12, 2013, 13:27
Цитата: Gilgamesh от марта 12, 2013, 12:12
Salam marşalla xild şüg, dottağiy

Hara forum aşa yina dika xeta suna... hunda elça taxanleraçu diynah dikka kôrgera Noxçiyn mott xaar - doqqa nîmat du. Şen qômanan mott, ğillaqaş, âdataş xaar vayna tê dözna du. Doyzaş xir du vay! :)
1алайкум ассалам, Ваша! Суна хазахета вай доьвзина! Хьо нохчи вуй? Аш мича ву со? На латинице любишь писать?  :) Просто не совсем смысл понятен некоторых слов, если честно. Буква â, ô - это аь и оь? А что тогда буква ö значит? Или ô это оъ? В общем одни хеттарш ;D Заранее баркал! Маршонца вехийла!

Del rez xild hûn, voşa,
Suna a çôğa dika xeta hô vevzina... Eeex, har dialektaş yuy, har dialektaş... Vay mattan STANDARTIZACI yezara'q ))) Châ dikka mosso deşnaş châna gul del yolu kitab öşar vayna )
Asa Noxçiyçóh tôm boluçu zamançóh yina sayn Noxçiyn alfabet yara, va daimna iza lela yo asa yaz deçu xenáh )
Masalan:

T + Â - т1а
T + Ê - т1е
T + Ô - т1о
T + Î - т1и
T + Û - т1у

K + Â - к1а
K + Ê - к1е
K + Ô - к1о
K + Î - к1и
K + Û - к1у

Q + Â - къа
Q + Ê - къе
Q + Ô - къо
Q + Î - къи
Q + Û - къу

B + Â - б1а
B + Ê - б1е
B + Ô - б1о
B + Î - б1и
B + Û - б1у

P + Â - п1а
P + Ê - п1е
P + Ô - п1о
P + Î - п1и
P + Û - п1у

H + Â - хьа
H + Ê - хье
H + Ô - хьо
H + Î - хьи
H + Û - хьу

H+Á - х1аъ
H+À - х1а1

Y+Ó - йоъ
Y+Ò - йо1

Châ bêy tqâ ezar - Цхьа б1ей ткъа эзар
Hâyna hêraçüra qêj yella hêaş lahâ ye - Хьайна хьера чюра къеж йелла хьеаш лахьа йе

Hoqu alfabetan dikalla - dünenayuqqêra phôğanan (djamaâtan) purba (licenzi) dexa ca eşar du. Masalan, hoqu sóhtéh jütkiyn karáh yolu Mircrosoft kompani shâ eciça, cara vayna MICROSOFT darjéh (urovneh) vayn qômanan elfaş lela dan purba lurg ca xilar şeko yocuş du AMMA! Nagáh sanna vay yoğuçu xana qullan yolu alfabet qeçu qêmnaş lela yeş yolu alfabetanan hîspéh xilah vayn atta xir du. Dudayevan xenáh yolu alfabeteh Q têxula tâdamaş dara: üş xüliyla dac, söga xettiça.
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Gilgamesh от марта 12, 2013, 14:35
Nagáh sanna Hûna laáh, asa aysa qöllina yolu alfabet yüllar yu qu forum çu.
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Alenarys от марта 13, 2013, 19:45
Дела реза хуьлда, Ваша!  ;up:
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Alenarys от марта 13, 2013, 19:50
Немного не в тему, извините, что пишу на русском, это для того, чтобы все поняли, о ком идет речь.
Ниже привожу стихотворение Умара Яричева, прекрасного поэта, чеченского "Пушкина"(не говорю за всех, но я считаю так), величайшего творителя слова современности, и просто замечательного человека и настоящего къонаха!  :=
Яричев IУмаран-цIе дика евза поэзица гергарло лелочарна. Цуьнан стихаш сих-сиха зорбане юьйлу вайн республикехъ. Масех книгин автор а ву Iумар. ХIинццалц оърсийн маттахъ язъеш волу Яричев тIаъххъарчу хенахь шен корматалла нохчийн маттахь а зен воълла.

Сан мохк


Сан хьоме гIийла мохк, ахь соьга ала,
Стенгара схьакхечи хIара Iаьржа бала?
ХIун декхар дIалуш ю сан Соьлжа-гIала?
Сан хьоме гIийла мохк, ахь соьга ала.

Сан хьоме гIийла мохк, ахь суна дийца,
ХIун бахьнехь лаьмнийн хиш дIаийна цIийца?
Мила ву цу Делан Iожалла хийца?
Сан хьоме гIийла мохк, ахь суна дийца,

Сан хьоме гIийла мохк, нийса некъ леха
Хьан кIентий хьекъал а ца кхочу техьа?
Ойланаш ца луьстуш, хьо Деле беха?
Сан хьоме гIийла мохк, нийса некъ леха.

Сан хьоме гIийла мохк, ахь соьга ала
Замано бижор буй хIара Iаьржа бала?
Ницкъ хир буй хьан амат ирсаца кхала?
...Къинхетам бойла хьох цу Везчу Дала.
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Gilgamesh от марта 14, 2013, 10:13
Умар Ярычев - один из моих лучших и избранных БРИЛЛИАНТОВЫХ ДРУЗЕЙ в жизни! Я его поклонник и близкий друг! ) Восхищен его талантом и стихами. Его стих, особенно, ОХОТНИК И ПРОРОК - шедевр, как и все его произведения! :)
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: стэпняк от июня 6, 2013, 16:22
А можно перевод на русский. -Насколько возможно литературный.
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Alenarys от июня 6, 2013, 16:43
Цитата: стэпняк от июня  6, 2013, 16:22
А можно перевод на русский. -Насколько возможно литературный.
Моя дорогая унылая земля, ты скажи мне
Откуда здесь появилось это страшное(1аьржа досл. черный) горе
За что тебе это все, мой Грозный
Моя дорогая унылая земля, ты скажи мне
И тд... Если интересно, то позже перевод полный выложу, сейчас неудобно печатать.
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: стэпняк от июня 7, 2013, 08:21
Проникновенные стихи - баркал.
В Грозном на 12 трамвайном участке жили родственники (дед по отцу терский казак), сам жил там пару лет учился в 9й школе, и после приезжал почти каждый год на зимние каникулы.
- Мне близка эта боль.
Если найдётся время, - напишите это стихотворение полностью.
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Panterka777 от февраля 22, 2014, 11:05
Помогите выучить чеченский язык...=((
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: isa_shi от апреля 22, 2014, 11:37
Хотел бы я выучить чеченский, но не с кем практиковать. Пара знакомых есть, но редко видимся, да и они толком объяснять не умеют) А по учебнику тяжело, так как произношение не везде обозначается.
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Иван-Царевич от апреля 24, 2014, 09:10
Цитата: isa_shi от апреля 22, 2014, 11:37
Хотел бы я выучить чеченский, но не с кем практиковать. Пара знакомых есть, но редко видимся, да и они толком объяснять не умеют) А по учебнику тяжело, так как произношение не везде обозначается.
Щиб миллаталъул мун кколев? Мун маг1арулав вугищ?
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Марина Алиева от апреля 24, 2014, 21:31
что значит "дица духу"
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: isa_shi от апреля 25, 2014, 20:58
Цитата: Иван-Царевич от апреля 24, 2014, 09:10
Цитата: isa_shi от апреля 22, 2014, 11:37
Хотел бы я выучить чеченский, но не с кем практиковать. Пара знакомых есть, но редко видимся, да и они толком объяснять не умеют) А по учебнику тяжело, так как произношение не везде обозначается.
Щиб миллаталъул мун кколев? Мун маг1арулав вугищ?

г1урусав вуго. дун зама-заманалдаса Дагъистаналде щола. ч1ужуги дир гьениса йиго. гьединлъидал дида маг1арул мац1 лъик1 лъала.
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: дед от мая 6, 2014, 16:10
Господа нужна помощь, как на чеченском языке пишется фраза: " Пусть восторжествует справедливость!"
Только нужно на литературном чеченском языке.
Заранее благодарен.
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: дед от мая 6, 2014, 16:35
Господа нужна помощь, как на чеченском языке пишется фраза: " Пусть восторжествует справедливость!"
Только нужно на литературном чеченском языке.
Заранее благодарен.
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Simona от мая 7, 2014, 16:54
Дала бакъо тола йойла !
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: euro от мая 7, 2014, 17:31
Simona, маршалла ду хьоьга! Г1уллакхаш муха ду хьан, могуш 1ай? :)
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: euro от мая 7, 2014, 18:20
Цитата: Alenarys от марта 13, 2013, 19:50
Немного не в тему, извините, что пишу на русском, это для того, чтобы все поняли, о ком идет речь.
Ниже привожу стихотворение Умара Яричева, прекрасного поэта, чеченского "Пушкина"(не говорю за всех, но я считаю так), величайшего творителя слова современности, и просто замечательного человека и настоящего къонаха!  :=
Яричев IУмаран-цIе дика евза поэзица гергарло лелочарна. Цуьнан стихаш сих-сиха зорбане юьйлу вайн республикехъ. Масех книгин автор а ву Iумар. ХIинццалц оърсийн маттахъ язъеш волу Яричев тIаъххъарчу хенахь шен корматалла нохчийн маттахь а зен воълла.

Сан мохк


Сан хьоме гIийла мохк, ахь соьга ала,
Стенгара схьакхечи хIара Iаьржа бала?
ХIун декхар дIалуш ю сан Соьлжа-гIала?
Сан хьоме гIийла мохк, ахь соьга ала.

Сан хьоме гIийла мохк, ахь суна дийца,
ХIун бахьнехь лаьмнийн хиш дIаийна цIийца?
Мила ву цу Делан Iожалла хийца?
Сан хьоме гIийла мохк, ахь суна дийца,

Сан хьоме гIийла мохк, нийса некъ леха
Хьан кIентий хьекъал а ца кхочу техьа?
Ойланаш ца луьстуш, хьо Деле беха?
Сан хьоме гIийла мохк, нийса некъ леха.

Сан хьоме гIийла мохк, ахь соьга ала
Замано бижор буй хIара Iаьржа бала?
Ницкъ хир буй хьан амат ирсаца кхала?
...Къинхетам бойла хьох цу Везчу Дала.

Мел хазахети суна х1ара байт. Хьайн аьтто белахь кхин а язъе кху тема чохь цуьнан байташ.
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: Simona от мая 7, 2014, 19:13
Цитата: euro от мая  7, 2014, 17:31
Simona, маршалла ду хьоьга! Г1уллакхаш муха ду хьан, могуш 1ай? :)

Делера салам-маршалла хьоьга а хуьлда, Euro!
Г1уллакхаш а, Делан къинхетамца дика ду.  )))
Хьо муха ву ? )
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: euro от мая 7, 2014, 19:33
Цитата: Simona от мая  7, 2014, 19:13
Цитата: euro от мая  7, 2014, 17:31
Simona, маршалла ду хьоьга! Г1уллакхаш муха ду хьан, могуш 1ай? :)

Делера салам-маршалла хьоьга а хуьлда, Euro!
Г1уллакхаш а, Делан къинхетамца дика ду.  )))
Хьо муха ву ? )
Баркалла, со а ву-кх 1аш).
Название: Нохчийн мотт
Отправлено: дед от мая 12, 2014, 17:39
SIMONA
За перевод спасибо или Баркалла